Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Mc Nox - Дег1аста (стих Апти Бисултанова) | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

ДЕГ1АСТА

Дег1аста, дег1аста,
Азаллехь дуьйна хьо х1аллакъян г1ертачу,
Къизачу ницкъана юхь-дуьхьал лаьтташ
Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нисдеш,
Турпала баьхначу хьан къентийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Эвхьана безачийн б1аьра ца хьовсалуш,
Шовданан б1аьра уьш хьийсарна ц1анлуш,
Кийра ц1их оьхучохь са сирла латто
Хьуна ниц1къ беллачу йо1арийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Доллачу дахарехь оьзда юкъ йихкина,
Набаран кхоьлахь а хьуна сагатдеш,
Шайн берийн вонехь а сада1ар доцуш,
Хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна,
Хьан лаьттахь кошан барз хиллачех хьогуш,
Барт хаттар дицдина, хьо Деле йоьхуш,
Эхарта дирзинчу хьан Берий дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича,
Латтанаш, стигланаш хиттийна ваьлча,
Дуьненан 1аламаш нисдина латто,
Диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Маьршачу буьйсана ламанан тарханаш
Шовданийн мукъамехь ойлане техкаш,
Экхано шеен к1орни йохъечу хенахь,
Хьан г1енаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Делан шен пурбанца малхо де доладеш,
Адамийн, акхаройн г1ан-набарш хадош,
Хьан лаьмнийн бердашкахь, шахьаршкахь бижна
Бода д1атоттучу серлонан дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Зингатан дахар а мехалла лерина,
Экханан бакъо а тидаме эцна
Маршонца нисдина, нийсонца дустуш,
Тхан дайша кхоллинчу г1иллакхийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Дай-наной резабен доьзалхой кхиабеш,
Хьаша-да резавен ц1е кхерчахь латтош,
Дела ша резавен 1амалаш лелош,
Хьан беркат лардинчу х1усамийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Хьан лаьттахь мостаг1чо даха ца дитича,
Рицкъанах хаьдда а, са маьрша латто,
Мархашлахь даьхна а, дог кура латто,
Йиначу лекхачу хьан б1аьвнийн дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан,
Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба,
Хьан лаьмнаш сирлачу джам1ате кхайкха
Диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа

Дег1аста, дег1аста,
Вала да воцуш хьо б1арзъелла хьийзачу,
Хьан къентий оьгучу доьхначу дийнахь,
Шайн берийн хьарамчу риц1къанах къехкаш,
Тхан наной хьан къина боьлхучу хенахь,
ДАЛА ЛАРЙОЙЛА ХЬО
ТХАН НАНА-ДЕГ1АСТА !

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-