Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ризавди Исмаилов - Безаман Дитташ | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

1аламе б1аьрг тухуш со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача,
Дог а деттало са карзах долий.
Безаман дитташ т1е сихвеш со кхачо.

Геннара суна го уьш мохо лестош,
Замано нилх дина тишделла генаш,
Мерзачу ойлано уьш доггах хьоьстуш,
Лехьош 1индаг1ехь левзина хенаш,
Уьш леца г1ерта со цхьа жимма ловза,
Ву моьтта со х1инца жималлин хьаша.

Дас доьг1на, кхиийна безаман дитташ,
Лаьтта уьш тийналлехь дог 1овжош г1ийла,
Цаьрца хьоьгуш 1индаг1ий марзо схьайетташ,
Шун бонехь ойланца да лаьтти хийла.

Шийлачу гуьйрено шен мохехь хьийзош,
Кхоьхьу д1а дукха гена мажделла г1аш,
Уьш леца г1ерта со цхьа жимма ловза,
Ву моьтта со х1инца жималлин хьаша.

Д1а яхна бералла со вуьтуш генахь,
Ницкъ бацкха и шераш юхнехьа литта,
Го суна вижанчохь мерзачу г1енахь,
Дас доьг1на, кхиийна безаман дитташ.


Другие названия этого текста
  • Ризавди Исмаилов - Безаман Дитташ (0)
  • Ризвади Исмаилов - Безаман Дитташ (0)
  • 2 Безаман Дитташ - М95 (0)
  • Ризавди Исмаилов - ризвади (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 4
Видео
  • Исмаилов Ризавди - "Безаман дитташ" Исмаилов Ризавди - "Безаман дитташ"
    Исмаилов Ризавди - "Безаман дитташ". Филармония Шахбулатова. SubscribeSubscribedUnsubscribe 630 ...